ТIемалойн баьччаш мичахь бу, аьлла схьабийцинчарна миллионашкахь ахча кхайкхийна Нохчийчохь.
Тойнан полици, аьлла журналисташа цIе тиллинчуьн официала цIе кхечу агIор ю. Иза культуран министраллехь йина комисси ю.
Дукха нах хир бац жималлехь ша сатийсинарг кхочуш хилла. Ткъа кхочуш хилла бераллера аьрха лаам Терйистерчу Горагорскехь хьалакхиинчу Садулаев Мусан.
КIира сов хан ю Нохчийчохь малар духку туьканаш къевлина. ХIинццалца Iедало магош а долуш, цуьнгара кехаташ а долуш болх беш ерш а дIакъевлина. Хьалхабевлла молланаш а болуш, тIьахьахIиттина низамхой а, Iедалхой а болуш, рейдаш йина цара оцу меттигашкахула.
Оьрсийчоьнан латтанех уггаре а адамийн къоьлла йолу Генара Малхбале Къилбаседа Кавказхойх юза Iалашо ю Iедалан. Цига баха реза хиллачу доьзална ахча а, латта а лур ду шаьш боху Iедалан векалша.
Талламан комитетан эпсар лаьцна Нохчийчохь кхаанна ахча схьаоьцуш. Коррупцица доьзна зуламаш атта гIарадохуш дац Нохчийчохь. Официала лоруш ду, махкахь цхьанна а тайпана и санна кIоршаме хIума хуьлуш а дац, аьлла.
17 шо хьалха Соьлж-ГIалана тIе стратегин ракеташ тохар тахана а дуьсу исторехь маьршачу нахах алссам баларш динчу рекордийн могIарахь. Базарна а, бераш дечу дарбан цIенна а, маьждигна а тIе тоьхначу кхаа ракетано вийра 200 гергга стаг. Лазийра 400 сов.
ГIадужу беттан 26-чу дийнахь дIахьор ду Клыхан а, Карпюкан а девнан Нохчийчуьра Лаккхарчу ладегIарш. Цу шинна кху аьхка кхело кхайкхийначу кхелана хьовха, и шиъ бехк боцуш чувоьллина хиларх шеко йоцчу царна тIехIуттучу агIоно а аппеляци йинера кхелан лаккхарчу тIегIане...
Оьрсийчоьнан спортан министралло дихкина кегий бераш ММА-турнирашкахь латийтар. Иштта, пачхьалкхан Думано а йийцарейина и тема. Шен агIор Нохчийчоьнан спортан министралло дIахьедина, ша лакхарчу хьукмато аьлларг дерриг а ша дийр ду аьлла.
БархIалгIа фестиваль яра и дIаяхьнарг. Эсамбаев Махьмудан цIарах йолчу цигахь дакъалаца дуккха а тобанаш а, хелханчаш а баьхкинера. Шаверриг дакъалоцуш вара 150 ца кхоччуш стаг. Оьрсийчоьнан 26 регионера а, иштта масийтта пачхьалкхера а.
Моторола вер - Донбассерчу сепаратисташна а, царех доглозучарна а эшам, кхиболучарна - хазахетар. Кхаа денна тезет кхайкхийна Донбассехь подполковник Павлов Арсенийх.
Нохчийчура 10 эзар сов вахархо ву пачхьалкхера аравала бакъо йоцуш. И терахьаш далийна Нохчийчурчу кхелан пурстопийн урхалло.
Гуьржийчоьнан парламенте харжамийн жамIаш
Шоьтадийнахь 3.5 миллион кхаж таса бакъо йолчу Гуьржийчоьнан бахархоша хоржуш ю керла парламент. Политикан I9 парти а, 6 коалици а ю парламентехь I50 меттиг дIалаца Iалашо йолуш. Ша верриг 600 стаг ву цига кхача лаьрра. Уггаре а коьрта къовсам хинберш а билгалбевла-хIинца Iедалехь йолу «Гуьржийн сатийсар» а, оппозицехь йолу «Цхьааллийн къоман болам» олу парти а.
Дагестанера аьккхаша Оьрсийчоьнан президенте рогIера кхайкхам бина, кхечу къаьмнийн санна бакъонаш Дагестанехь шайн нисъяр доьхуш.
150 сов масатоьпаш, 60 хьажош йолу тоьпаш а, 63 карабин а, 77 граната кхуссу герз а, иштта 160 ца кхоччуш эзар тIеман гIирс а. Иза ду, хIара шо доладелча дуьйна Къилбаседа Кавказехь полисхоша нахера схьадаьккхина. Иза гучудаьлларг бен дац, нехан карахь долчуьн кIеззиг дакъа бен дац иза, аьлла хета полисхошна.
ГIойистера вахархо 96 шо долу Париев Алхаст дIадахначу шарахь велира, шена гонахь шортта шен бераш а, церан бераш а долуш. Доккха дIахIоьттинчу тезета баьхкинчу дукхачарна хууш дацара иза мел бала лайна стаг хилла. Гергарчарна а, лулахошна а хаьара, иза дийна воллушехь жоьжахатех чекхаваьлла вуйла.
Хьажа кхин дIа а