Дукхахболу нохчий, цхьа де а юкъара ца долуьйтуш, болхбеш хилар тергоне эцча, хетало церна данне а дац садоIуш Iедал. Ткъа, хIинца-м Iедалша а дIакхайкхина, малар ца хилча а, Нохчийчохь самукъане а, ирсе а дахар ду, аьлла.
Карелерчу Сегежа-гIаларчу набахтехь, тутмакхаш къиза хьийзабо, бохуш, аьрзанаш ден дукха хан яра. Амма ма дарра хьал гIараделира политикан тутмакх лоручу Дадин Ильяс, оцу чолхечу хьелех лаьцна шен хIусамнене кехат дахьийтича. Цо, ша цигахь лахь а, цец ма яла аьллера.
Нохчийн юккъараллехь божаршна магийна а, магийна доцу а зил хадош хийцамаш баьхкина дахаре заманца. Цхьаболучара аьттехьа а тIе ца дуьту божарша шайгахь «товш боцу» болх беш хилар, кхечара, мелхо а, дика ду олу нохчашлахь «зударийн», «божарийн», бохуш, белхаш къестор дитар.
ХIинцачул тIаьхьа Нохчийчохь малар а мелла, машенашна урхалла деш гучубевлачарна дендолу таIзар кхин а чIогIа хир ду. Иштта дIахьедина мийларшна дуьхьало ян кхоьллинчу штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада.
Нохчийн зударий бакъонех а, уьш хьоьшуш хиларх а дагабевлла Нохчийчуьра бакъоларъярхой. Айдина хаттар юккъараллехь ира лаьтта. Шел гIийлачунна куьг тIекховдор ледара гIирллакх лоруш делахь а, иза а даьржина леладаьлла ламаст ду махкахь.
Тахана 60 шо кхечи Советан пачхьалкхан куьйгалло Казахстане дIадохийначу къаьмнийн республикаш юхаметтахIотто сацам тIеэцна.
Нохчийчохь рогIера къйисам болийна къаьркъанца. Иза духку туьканаш дIакъовлуш а, шишанаш кегдеш, малар Iенош рейдаш ю махкахь дIахьош.
Махкана чIогIа оьшуш йолу инвестицийн ши проект кесста кхочуш йийр ю аьлла дIакхайкхина Нохчийчоьнан Iедало. Амма уьш оьшуш хиларна а, уьш кхочуш йийриг хиларна а шек бу юккъараллехь
ТIаьхьарчу заманахь масийтта низамца ехачу нохчийн юккъараллехь, цхьадолу мехаллаш хийцаделла хилар гойтуш дуккха а билгалонаш ю. Адамийн юкъаметигаш, хIинцалца деза лелийна хилла долу, цхьана кхечу, нохчашна цакхетачу агIора йоьрзуш ю.
Оьрсийчоьнан миграцин урхалло тIедогIучу шарахь белхан мигрантийн терахь хадийна. Ша верриг 111 эзар ца кхоччуш стаг ву. Иза 12 эзар стаган кIезга ду, стохка хилчулла.
Хьалха-мартан кIоштера вахархочун, полицехь болх бечу Джабраилов Романан тIехь, меттигерачу кхело долийна гIуллакх дахлур долчух тера дац. Кхелхошна хала гIуллакх дац иза. Схьагарехь, кху деношкахь къастора ду кхело цунна хиндолу таIзар.
ШолгIа де чекхдели, журналистан Гериев Джалавдин тоьхначу ханна реза ца хиллачу цуьнан агIоно, аппеляци а йина, Нохчийчура Лаккхарчу кхелехь, журналистан гIуллакх юха а листа долийна.
Шемахь куп тоьхна чIагIъеллачу ДАIИШах дIакхета боьлхучеран терахь лахлуш ца хилар бахьан дара, оршотдийнахь, Соьлж-ГIалара Зорбан цIийнехь горга стол олу цхьанакхетар дIадахьарна.
25 шо кхаьчна Нохчийчохь муьлш бу ца хуучу герзхоша лачкъийна дIа а вигина, пачхьалкхан университетан ректор Кан-Калик Виктор вийна. Цунна тIехь гIело еш а гина, тIехIоьттина проректор Бислиев Iабдул-Хьамид герз тоьхна вийра хIетахь зуламхоша.
ХIора шарахь, Iа дулуш, наха газах пайдаэцар совдаьлча, цуьнах хуьлу бохамаш а буьйлало. ХIинца а хилла иштта. Соьлж-ГIалахь садукъделла белла доьзал.
Нохчийчохь тIом бина эскархой беза хьеший санна юхабогIуш бу.
Белхазаллица дIахьочу къийсамехь шаьш толам боккхуш бу, бохуш кхаьънаш доху Нохчийчуьрчу Iедалша.
22 шо хьалха Нохчийчохь эскархоша лаьцна дIавигинчу жимчу стеган даьIахкаш карийна
Дубровкехь теракт ярна бехке вечу Закаев Хьасанан кхелан хьалхара кхеташо дIаяхьна Москох
Нохчийчуьра Iедалш реза дац тIедогIучу шарахь Москохара шайна кIезга ахча лур дуйла хиъча.
Хьажа кхин дIа а